Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. Везачу Эло элира: «Ас ЯхІудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хІара Сан цІа а, Ас шех лаьцна: „Сан цІе хир ю цу чохь“ – аьлла долу, дІатоттур ду Ас Сайна хьалхара». Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш.
Выбор основного перевода