Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш нагахь санна цара, Ас тІедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Іамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Іибадат а дахь, Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. ЯхІудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогІу хІума ягайора БаІал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхІу-паччахьо дІабехира ЯхІуд-мехкан массо гІаланийн а, Ярушалайм-гІалина гонах мел йолчу меттигийн а сагІа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогІу хІума яго яхІудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай.
Выбор основного перевода