Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тІера бахархой дІасабаржор бу Цо. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. qac Зqac*Іенашца санна, гІалина гонах сиз а хьокхуш, билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо. Цийонан йоІан пен божорхьама Шен куьг юха ца даьккхира Цо. Арахула йолу чІагІонаш, пенашца цхьаьна хІаллак а йина, елхийтира Цо. Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра. Везачу Эло соьга хаьттира: «Іамос, хьуна хІун го?» «Санисбийриг го», – жоп делира ас. ТІаккха Везачу Эло элира: «Ас хІинца Сайн Исраилан халкъана юккъе санисбийриг охьаюьллур ю. Ас цунна кхин гечдийр дац.
Выбор основного перевода