Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дІахІиттийначу цІушна сагІанаш а дохура, Іамал а йора Амина. Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.
Выбор основного перевода