Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Везачу Эло исраилхошна хьалхара дІалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гІуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта БаІал-харцделанашна сагІа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора цо. Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. Маннаша шен кІентий Бен-ХІинам-тогІи чохь цІерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а» Нагахь санна Аса шайна тІе мел диллинарг – Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тІедехкинарш а – цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тІера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса. Амма ЯхІудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тІе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дІа а даьхна, хІаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара. Хьузакх-ЯхІу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхІун да,
Выбор основного перевода