Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа. Мусас элира: «ХІинца хІокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гІуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар. Ткъа хІинца, тхан Веза Дела, кІелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тІаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла». ТІаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гІуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧІогІа гІайгІане волу со суьйранна сагІа доккху хан тІекхаччалц Іийра.
Выбор основного перевода