Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. (Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тІедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хІетталц ваьлла а вацара. Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дІабаьхна болчу эмархоша, цІушна Іамал а еш, лелийна хилла доллу гІуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.) Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“».
Выбор основного перевода