Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь. Эли-ЯхІу вай санна стаг вара. Цо, догІа ма даийта аьлла, чІогІа доІа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тІе догІа ца деара.
Выбор основного перевода