Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гІудалкхаш а, эскар а, цига дІа а далийна, хьан кара дІалур ду“». Иштта дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а даха БаІал-цІун цІенна чубевлира уьш. Ткъа ЯхІус цІенна арахьа везткъа стаг дІахІоттийнера, цо цаьрга аьлла: «Аса шун кара беллачех цхьаъ кІелхьарвалахь, шен куьйга иза кІелхьарвалийтинчун са оцу кІелхьарваьллачун синан метта хир ду». Дийнаташ дагоран сагІанаш даьхна чекхдевлча, ЯхІус гІаролхошка а, хьаькамашка а элира: «Даха а гІой, царах цхьа а ца вуьтуш, байа уьш». Уьш туьран ираллица байа а байина, шаьш болчохь а битина, гІаролхой а, хьаькамаш а БаІалан цІийнан чухуларчу чІагІйинчу чоьнна чубахара.
Выбор основного перевода