Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахІима сагІа даккха меттиг кечйира, тІулгаш а дехкина. Царна тІе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тІе шен кІант Исхьакх охьавиллира цо. Оцу стага, дийначу бежанна тІера неІ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. АхІаронан кІентий болчу динан дайша, сагІа доккхучу кхерча тІехь цІе а латийна, цу тІе дечиг дилла деза. АхІаронан кІентий болчу динан дайша, цІера тІе дехкинчу дечигаш тІе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза.
Выбор основного перевода