Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элера схьайолучу цІеро кхерча тІера дийнаташ дагоран сагІина дийна бежана а, мохь а дІакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара. Эли-ЯхІу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагІа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тІаьхьахІитта. Ткъа Иза БаІал велахь, цунна тІаьхьахІитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга. ТІаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагІина ягош йолчу старгІина а, дечигна а тІедотта». Цара Эли-ЯхІус боххург дира. ТІаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхІус кхин а элира: «Изза кхозлагІа а де». КхозлагІа а изза дира цара. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош. Сулим-паччахь доІа дина ваьлча, стигалара цІе йоьссира, сагІин кхерча тІера дагош долу сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а Дала тІеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦІа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира.
Выбор основного перевода