Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тІе юхадерза. Аша цуьнга дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хІунда бохуьйту Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубина тІе хаттарца? Цундела хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“». Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТІехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?» Цара жоп делира: «Цу стеган дегІа тІехь дукха чоьш а дара, гІодаюкъах дихкина тІаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхІус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхІу ву».
Выбор основного перевода