Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Ткъа хІинца схьавалавел суна тІе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаІах Везачу Элан куьг хьакхаделира. соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Делан Сино со, хьала а айина, дІаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тІехь чІоггІа лаьтташ.
Выбор основного перевода