Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха стага элира: «ХІинца дуьйна хьан цІе Якъуб хир яц, Исраил хир ю, хІунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кІел ца висира». Дала элира цуьнга: «Хьан цІе Якъуб ю, амма хІинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цІе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цІе Исраил тиллира. Царна тІедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тІулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дІа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тІулгаш». Исраилхойн хІора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тІекхайкхира ЮшаІа. Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тІорказна хьалха, довла. ХІораммо а цигара шайн белшаш тІе цхьацца тІулг схьаэца. ХІора тайпанна цхьацца хир бу уьш. ХІинца а шайн хІетахьлера Іадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цІе тиллинчу Якъубан тІаьхьенна делла парзаш а, тІедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до.
Выбор основного перевода