Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». Эли-ЯхІус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гІуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дІатесна, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара». Эли-ЯхІус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гІуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дІатесна, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».
Выбор основного перевода