Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа Іахар Іуьйранна баккха, важа сарахь баккха. ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Шаьш схьакъастийна старгІа кеч а йина, уьш, Іуьйранна дуьйна делкъахан тІекхаччалц, БаІал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаІал, дІахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагІа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш. Со доІа дина валаза а волуш, суьйренан сагІа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хІуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тІемадаьлла, сихха схьадеара.
Выбор основного перевода