Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Ярушалайм-гІалина малхбалехь болу а, ХІаллакдаран ломана къилбехь болу а сагІа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхІу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дІахІиттийнера цІаданхоша Іамал еш йолчу дегазчу Іаштарт-цІунна а, муабахоша Іамал еш волчу боьхачу Камош-цІунна а, Іамминхоша Іамал еш волчу дегазчу МилкІом-цІунна а лерина.
Выбор основного перевода