Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Аса Сайна тешаме динан да дІахІоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гІуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гІуллакх а дийр ду. мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагІех хьо кІелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цІа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хІара доІа дан Хьох хІоьттира.
Выбор основного перевода