Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тІера тІаьххьарлерачунна тІекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тІехь а, шилунхо волчу АхьъяхІуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатІан кІантах ЯрбаІамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯІду-пайхамарна дуьхьал хІуьттучу суьрташкахь а. Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тІехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам.
Выбор основного перевода