Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхоша, яхІудхошна жоп луш, элира: «Тхан паччахьца йозуш йолу бакъо шун чул уьттазза дукха ю. Аша тхо юьхьІаьржачу хІиттийна. Паччахь юхаверзарх лаьцна долу дош хьалххе оха дийцина дацара ткъа?» Амма яхІудхойн дош исраилхоша бохучу дешнел чІогІа дара. ТІаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хІинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кІентан карара дІайоккхур ю Ас и пачхьалкх. Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». ТІаккха Везачу Эло Эдом-махкара паччахьан доьзалера волу ХІадад, Сулим-паччахьан мостагІа а вина, дуьхьалваьккхира цунна. Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тІом бечу хенахь цу тІамехь белларш дІабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира. Йоаб а, кхиболу исраилхой а ялх баттахь Іийра цигахь, шаьш берриг а эдомхойн божарий хІаллакбаллалц. Ткъа ХІадад цу хенахь жима бер дара. Иза шен ден ялхой болчу масех эдомхочуьнца Мисар-махка дІаведдера. Мадани-махкара дІа а бевлла, уьш Паран цІе йолчу яьссачу аренга дІабахара. ТІаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирІунна тІе баьхкира уьш. И пирІун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХІададна Іан меттиг а, латта а, юург а елла, тІеийцира иза. ПирІуно, ша ХІададна чІогІа резахиларна, шен зудчун йиша яхийтира цуьнга маре. Паччахьан зудчун цІе Тахьпанайса яра. Оцу ХІададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кІант вира цунна. Оцу кІантана Ганубати цІе тиллира. Тахьпанайсас и кІант паччахьан керта валийра, иза пирІунан берашца цуьнан кертахь Іаш вара. Мисар-махкахь ша Іаш волуш, ХІададна хезира, Дауд-паччахь, вала а велла, шен дайх дІакхетта хилар а, иштта эскаран хьаькам Йоаб а велла хилар а. ТІаккха ХІадада элира пирІуне: «Ахь со дІахецахьара, сайн махка цІа верза йиш хир яра сан». Ткъа пирІуно хаьттира ХІададе: «Со волчохь хьуна хІун ца тоьънера, хьайн махка верза хьан лаам хила?» ХІадада жоп делира: «Дерриг а дара сан, делахь а дІахецахьа со», – аьлла. Кхин а цхьа мостагІа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаІан кІант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХІадад-Іезарх дІаведда волу.
Выбор основного перевода