Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бІаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. Оцу ХІададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кІант вира цунна. Оцу кІантана Ганубати цІе тиллира. Тахьпанайсас и кІант паччахьан керта валийра, иза пирІунан берашца цуьнан кертахь Іаш вара. цара лелийначу зуламна Ас гІожаца таІзар дийр ду, цара летийначу къиношна еттарца Ас таІзар дийр ду.
Выбор основного перевода