Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугІийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой. Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара.
Выбор основного перевода