Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта, Сан цІа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваІда. Амма шу я шун тІаьхьенах болу паччахьаш Сох дІаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дІа а теттина, кхечу деланашна тІе а дирзина, царна аша Іибадат дахь, тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ.
Выбор основного перевода