Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа. РахьбуІама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхІудан цІийнах а, Бен-Яманан тІаьхьенах а волу цхьа бІе везткъа эзар тоьлла тІемало схьагулвира. Исраилан цІийнах болчаьрца тІом а бина, Сулим-паччахьан кІентан РахьбуІаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. Сулим-паччахьан кІант РахьбуІам яхІудхойн паччахь вара. РахьбуІам паччахь хилла дІахІуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цІе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гІаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуІаман ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра. ХІунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хІусам ян лиъна Цунна.
Выбор основного перевода