Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтІахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хІинца санна, лардан а деза». Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. (Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тІедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хІетталц ваьлла а вацара.
Выбор основного перевода