Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Царуятан кІанта Абушайс кІелхьарваьккхира Дауд. Цо пІелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чІагІо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тІаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дІа ца байтархьама». Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». РахьбуІама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхІудан цІийнах а, Бен-Яманан тІаьхьенах а волу цхьа бІе везткъа эзар тоьлла тІемало схьагулвира. Исраилан цІийнах болчаьрца тІом а бина, Сулим-паччахьан кІентан РахьбуІаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тІаьхье елира. Цул тІаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кІант велира, ткъа Ярушалайм-гІала Дала чІагІйира. Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхІудан халкъ хІаллакдан ца лаьара. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло.
Выбор основного перевода