Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза иштта дац. Амма шун гІала Эпрайм-лаьмнашкахь лаьттачу махкара Бихрин кІант ШебаІ кхаьчна. Цо шен паччахь волчу Даудана тІе куьг даьхьна. Иза аша, схьа а лаций, соьга схьало. ТІаккха со шун гІалина го бинчуьра дІавер ву шуна». Зудчо Йоабе элира: «Дика ду. Цуьнан корта гІалин керта тІера хьо волчу охьакхуссур бу». Шена иза дІахезча, НабатІан кІант ЯрбаІам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Іаш вара. Амма Даудан кІентан Сулиман ялхо волчу НабатІан кІант ЯрбаІам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла.
Выбор основного перевода