Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Нагахь цхьаммо сагІа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгІачу дийнахь а даа мегар ду. Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а бахана, Делан цІенна деана долу ахча дІаделира цуьнга. Делан цІийнан кевнехь гІарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера. Цара Везачу Элан цІа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар.
Выбор основного перевода