Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо хІаллакбира ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тІедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цІахь болу цІуш а, кхиболу цІуш а, массо а кхидолу дегаза хІуманаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цІа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхІуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тІера тІедехкинарш кхочушдархьама. Юши-ЯхІу-паччахьал хьалха я цул тІаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тІевирзина верг, массо а хІуманна тІехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг. Юши-ЯхІус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирІун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гІо дархьама. Юши-ЯхІу-паччахь пирІунна дуьхьал тІом бан аравелла хилла. Ткъа пирІуно, МагІидда-гІалахь шена Юши-ЯхІу гича, иза вийна. ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирІунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КІаркамиш-гІалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирІунан эскар эшийра яхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь. ХІара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам:
Выбор основного перевода