Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Динан дайша, старгІанашна урс а хьаькхна, церан цІийн цинцаш сагІа доккхучу кхерчана тІетуьйхира. Цул тІаьхьа цара, уьстагІашна урс а хьаькхна, церан цІийн цинцаш сагІа доккхучу кхерчана тІетуьйхира. Иштта Іахаршна урс а хьаькхна, церан цІийн цинцаш сагІа доккхучу кхерчана тІетуьйхира цара. Ткъа динан дай кІеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагІина далийначу дерриг а дийнаташна тІера цІокарчий схьаяха. Цундела царна гІо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цІанбаллалц а, сагІа доккху и гІуллакх чекхдаллалц а гІо дира цара. ХІунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цІанбарна тІехь динан дайл а лерина лелара. Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхІус. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь дезачу денна лерина сагІина беанчу Іахарна урс хьаькхира. Пасахьана лерина беанчу Іахарна урс хьакха кечам бе. ЦІандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Іахар шайн вежаршна кечбе». Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Іахаршна урс хьаькхира.
Выбор основного перевода