Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хІорш бара: Яди-ЯхІу, ЯхІу-Яриб, Якин, Делан цІенна тІехь хьаькам волу Іазар-ЯхІу (иза вара Хьалкхи-ЯхІун кІант, Хьалкхи-ЯхІу вара Машулиман кІант, Машулим вара ЦІадукъин кІант, ЦІадукъа вара Маръютин кІант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кІант), Іади-ЯхІу (иза вара Ярохьаман кІант, Ярохьам вара Пашихьуран кІант, Пашихьур вара Малки-ЯхІун кІант), МаІсай (иза вара Іадиалан кІант, Іадиал вара Яхьзарин кІант, Яхьзари вара Машулиман кІант, Машулим вара Мишламатин кІант, ткъа Мишламати вара Амиран кІант). Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тІедиллина дара Делан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш кхочушдар. И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кІентан тІаьхьенах бара: ГІиршанах, КхахІатах, Мерарих. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.
Выбор основного перевода