Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дІа а ца йоккхуш, цІера тІехь даттий, дІадаа иза. «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгІачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагІа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гІоьнча, шен кхо маІа йолу мІара а бахьаш схьа а вогІий, яй чу, я ялгІу чу, я кеда чу иза а Іуттий, цу чуьра тІейогІаелларг схьа а оьций, дІавоьдура. Иштта «гІиллакх» хІоттадора цара массо а Шилуне вогІуш волчу исраилхочуьнца. Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гІоьнчас, схьа а вогІий, цІий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло».
Выбор основного перевода