Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тІехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де». Исраилан халкъана тІехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн деношна тІекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. Юши-ЯхІус паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гІалахь даздира. Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хІунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хІума Ярушалаймехь.
Выбор основного перевода