Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цара Хьан тІедехкинарш Якъубан тІаьхьенна Іамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Іамабо. Хаза хьожа йогІу хІума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагІа доккхучу кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш доху. Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бІе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цІа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хІоьттина доьалгІа шо долуш, Зив олучу шеран шолгІачу баттахь. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, левихоша Делан тІорказ шайн белшашна тІедехкинчу хьокхашца дІадаьхьира. ХІинца дуьйна Делан деза четар а, цунна чохь гІуллакх деш лелош йолу хІуманаш а лело езар яц шайца левихоша». Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. Везачу Элан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхІуд-махкахь. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара. Адамаш юха хьалагІевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаІ, Бани, Шараб-ЯхІу, Ямин, Іакхуби, Шабитай, ХІуди-ЯхІу, МаІсей-ЯхІу, Кхилати, Іазар-ЯхІу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхІу. Цул тІаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхІус а, динан да а, Іелам стаг а волчу Іезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дІакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хІунда аьлча товрат-хьехамашка ладугІучу хенахь адам доьлхуш дара.
Выбор основного перевода