Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тІехь яздина ма-хиллара, шайна тІедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дІахІиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цІийн цинцаш тухура. Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хІорра а декъана гІо дархьама, Делан цІийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дІахІоттае. Цул тІаьхьа цара, динан дайх а, левихойх а къастийна тобанаш а кхоьллина, уьш, Мусан тептар тІехь ма-аллара, Ярушалаймехь долчу Делан цІа долчохь гІуллакх дан дІахІиттийра.
Выбор основного перевода