Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Веллачу паччахьах белхар а ма хІиттаде, иза дІакхалхарх тийжарш а ма хІиттаде. ХІетте а, даггара тийжа цуьнан кІантана, хІинца йийсаре дІавуьгуш волчу, иза кхин цкъа а цІа ца верзарна а, ша вина мохк цунна кхин ца гарна а. Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах Шалумах (шен да волчу Юши-ЯхІул тІаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дІавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац. «Ливанунан лаьмнаш тІе а валий, мохь тоха! Башан-махкахь мохь а бетта, Ярушалайман халкъ, Іабариман лаьмнаш тІера хьан аз а айде. хІунда аьлча массо а хьан бартхой эшийна бу. «qac Хqac*алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ІиндагІехь» – оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагІийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна.
Выбор основного перевода