Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!“» ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гІолаш шайн дайша дІакхехьначу некъашкахула, цара шайна тІедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цІушна тІе а товжий. Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хІара стаг бен ма вац?»
Выбор основного перевода