Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа динан дай кІеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагІина далийначу дерриг а дийнаташна тІера цІокарчий схьаяха. Цундела царна гІо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цІанбаллалц а, сагІа доккху и гІуллакх чекхдаллалц а гІо дира цара. ХІунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цІанбарна тІехь динан дайл а лерина лелара. Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Іахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхІус, царах Пасахьан сагІанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагІина хІума деара. Делан цІенна тІехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхІус, Закри-ЯхІус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагІина ши эзар ялх бІе Іахар белира. Кхин а кхо бІе сту а белира цо. Левихошна тІехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхІус а, цуьнан вежарша ШамІа-ЯхІус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхІус а, иштта ЯІиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагІина лерина пхи эзар Іахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бІе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.
Выбор основного перевода