Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«АхІароне а, цуьнан кІенташка а иштта дІаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе: Везачу Эло шу декъал а дойла, Цо шу лар а дойла! Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла, Цо шуна синпаргІато а лойла!“» Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цІе а йоккхуш, исраилхошна тІехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой». Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цІена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама. ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш дарна тІехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дІахІоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара дІахІиттийнера, Дауда тІе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогІу хІуманаш ягорхьама. Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цІарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цІе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалхā!
Выбор основного перевода