Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цу хенахь ворхІ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Іинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. ВорхІ дийнахь Везачу Элана сагІа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхІ дийнахь четаршна чохь Іаш долу денош а даздира, ткъа цул тІаьхьа тІедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тІаьхье йира. ТІаккха ворхІалгІачу беттан ткъе кхоалгІачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цІа дІадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.
Выбор основного перевода