Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. Делан цІа чуьра пхьегІаш дІа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цІийнан неІарш дІа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьІІехь сагІа доккху меттигаш йира цо. Ахьаз-паччахьо, ша паччахьалла динчу хенахь, Делан лаамехь доцург а лелош, дІаяьхна хилла йолу ерриге а пхьегІаш, оха, кеч а йина, язйина. Уьш Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІиттийна».
Выбор основного перевода