Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тІехь олалла дархьама?“ Наггахь, сарахь тІе а хІуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Іуьйре тІееача, марха хьалаайалора, тІаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. Ткъа динан дай кІеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагІина далийначу дерриг а дийнаташна тІера цІокарчий схьаяха. Цундела царна гІо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цІанбаллалц а, сагІа доккху и гІуллакх чекхдаллалц а гІо дира цара. ХІунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цІанбарна тІехь динан дайл а лерина лелара. Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгІачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла. И гІуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цІанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Іахаршна урс хьаькхира.
Выбор основного перевода