Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац. Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тІаьхьа и кхача баа мегар ду. Нагахь стаг шун махкахь тІевеана Іаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц. Цхьана цІа чохь яа еза Пасахьан яа хІума, жижиг ара а ца доккхуш, даьІахкаш а ца кегъеш. Массо а исраилхоша кхочушдан деза гІуллакх ду иза. Нагахь шуна юкъахь Іаш волчу тІевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цІийнах болу боьрша нах сунтбе. ТІаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Іаш волчу стеган а». Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгІира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира. ЯхІуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхІуд-махкахь тІебаьхкинарш санна Іаш болу исраилхой а.
Выбор основного перевода