Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. хІунда аьлча кху дийнахь, Авив цІе йолчу баттахь шу арадовлуш ду. «Исраилхошка иштта дІаала: „Нагахь шух я шун тІаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Іоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза. Иштта болчара а шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гІуллакх. СагІина беана Іахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара. Шеран шолгІачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара. ТІаккха шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь Пасахьан Іахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цІан а белла, Везачу Элан цІийнан керта дагоран сагІа даккха дийнаташ далийра.
Выбор основного перевода