Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. «Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тІехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де». Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхІус. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь дезачу денна лерина сагІина беанчу Іахарна урс хьаькхира.
Выбор основного перевода