Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дІавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. Дуккха а яхІудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дІабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дІавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. ЯхІудхойн доьналла долу цхьа бІе ткъа эзар тІемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис. Иза хилира яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела. Ткъа эпраймхойн тІемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кІант МаІсей-ЯхІу а, паччахьан цІентІехь хьаькам волу Іазрикхам а, паччахьал тІаьхьа шолгІаниг ларалуш волу Элкхан а вийра. Шайн вежарий болчу яхІудхойн ши бІе эзар зуда а, кІентий а, йоІарий а, йийсар а дина, дІабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хІонс а яьккхина, Шамран-гІала дІаяхьийтира цара. хІунда аьлча эдомхоша цул тІаьхьа, схьа а богІий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура.
Выбор основного перевода