Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. Оцу стага, дийначу бежанна тІера неІ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогІалаш соьга! ХІинца шаьш а Далла гергахь цІанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа а цІанде. Цу цІенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хІума аракхосса. И гІуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цІанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхІуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дІасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тІехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тІедерзалаш, тІаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тІевоьрзур ву Иза а. Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дІахІитта цІанбалаза берш тІех дукха хиларна, церан Пасахьан Іахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хІуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Іахаршна урс хьаькхира левихоша. Пасахьана лерина болчу Іахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Іахарех даьлла цІий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тІера цІока схьайоккхура.
Выбор основного перевода