Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара. хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш дІа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хІунда аьлча церан дегнаш шайн цІушна тІегІерташ дара.
Выбор основного перевода