Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Нагахь цхьаммо, бертан сагІа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагІа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза. Иза гуттаренна а шун тІаьхьенашна тІедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цІий а ма даалаш». Дийнаташ дагоран я бертан сагІа доккхучу хенахь хІора Іахарца цхьаьна хІинан бараман доьалгІа дакъа чагІар кечде, чагІаран сагІина лерина. Ткъа шаьш сагІина лерина ка балочу хенахь, кІен сагІина ялхитта кад кІен дама а, цунах эдай, хІинан кхоалгІа дакъа долу зайтдаьтта а да, иштта хІинан кхоалгІа дакъа долу чагІаран сагІа а да. Оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Нагахь дийнаташ дагоран сагІина я бертан сагІина, я Везачу Элана хьалха йинчу чІагІонан сагІина лерина къона старгІа ялош елахь, оцу старгІица цхьаьна кІен сагІа а дан деза: ткъе биъ кад кІен дама а, цунах эдина хІинан шолгІа дакъа зайтдаьтта а. Иштта хІинан ахдакъа чагІар а дан деза чагІаран сагІина. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Халкъан гуламо дагоран сагІа даккха далийначу дийнатийн барам иштта бара: кхузткъе итт сту, цхьа бІе уьстагІ, ши бІе боьрша Іахар. И дерриге а Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа даккха далийнера.
Выбор основного перевода