Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакх деш болчу АхІаронан тІаьхьенах болчарна гІо дан дезаш дара. Левихоша цІано латто езаш яра цу ЦІийнан керташкахь а, цуьнан агІонаш тІехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а мел йолу хІума цІанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а гІуллакх дар. Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогІалаш соьга! ХІинца шаьш а Далла гергахь цІанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа а цІанде. Цу цІенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хІума аракхосса. ЯхІуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахІоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.
Выбор основного перевода